Окуев Шима

 
Окуев  Шима  вина  1937 – чу  шарахь  Соьлжа – г1алахь.
Цуьнан  ворх1  шо  дацара, нохчийн  халкъан  шийлачу  1ай  шайн  Даймахках  даьккхина  Юккъерачу  Азе  дахийтинчу  хенахь. Шимин доьзал  Казахстане  кхечира. Цигахь  цо  чекхяьккхира  юккъера ишкола.
13  шо  даьккхинадаьккхина  вайн  нохчийн  халкъ  ц1адеъча,  Окуев  Шими  таро  хилира  Нохч – Г1алг1айн  пачхьалкхан  хьехархойн  институте  деша  ваха.
1962 – чу  шарахь  институт  чекхяьккхина  Шуьта  районан  «Ленинец»  газетан  редакцехь  редактор  балха  х1оьттира.
Поэтан  Окуев  Шимин  шен  дахарехь  дукха  стихин, прозин  сборникаш  зорбане  евлла  нохчийн, оьрсийн  метташкахь: «Сан  Шуьта», «Лайн  т1ехь  ц1е  зезагаш» — роман, «Т1аьххьара  верас», «Чорийн  забарш».
Окуев  Шима  кхелхина  1986 – чу  шарахь